Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 26.06.2021

Къилбаседа Кавказехь 41 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 556 – цомгуш хилла

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 41 пациент, цомгуш хилла кхин 556. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 21 вахархо, Ставропол-махкахь – 6, Дагестанехь – 5, ГIалмакхойчохь, Адыгейхь, Нохчийчохь – шишша, Къилбаседа ХIирийчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIалгIайчохь – цхьацца. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 11 181 стаг, боху официало. Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Краснодар-махкахь, лахара – Къилбаседа ХIирийчохь. Читать дальше...

Путинан шичин кIентан автодроме дехьайолуш ю "Формула-1"

Radiomarsho.com 

Сочера Ленинград-махка дехьаеер ю Оьрсийчуьра машенийн чехкалла къовсу "Формула-1" шоу. Иза дIахьор ю керлачу "Игора Драйв" трасси тIехь. Проектан да ву Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран шичин воI Шеломов Михаил а, ВТБ банк а, ткъа трасса буьллуш дакъалаьцна президентан доттагIийн компанеша – Ковальчук Юрийн а, Путинан доттагIчун Колбин Пётран кIентан Владимиран. "Формула-1" дехьайолуш юйла хаийтина машенийн барамийн куьйгалхочо Доменикали Стефанос. Цо бахарехь, "Игора Драйв" трасси техь хьалхара турнир дIахьор ю 2023-чу шарахь. Читать дальше...

Германехь масех стаг вийна урамехь наханна урс диттинчо

Radiomarsho.com 

Масех стаг вийна, лазийна наханна урс детташ хьийзинчо Германехь, Баварерчу Вюрцбург гIалин центрехь. Полицино хаам бина, иза лаьцна аьлла. Bild таблоидан информацица, когах герз тоьхна сацийна тIелетархо. Велла цуьнан карах кхо стаг, масех ву чов хилла. Полицино бахарехь, 24 шо долу Сомали махкара схьаваьлла жима стаг ву нахана урс диттинарг. ТIенисбелла нах, дуьхьал гIенташ кхуьйсуш, гIиртина цунна дуьхьало ян. Цкъачунна кхеташ дац, хIун бахьана ду иза тIелатаран. Iедало, хила мега цо динчу зуламца терроран Iалашо... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Потапова обыграла Шнайдер на старте грунтового турнира WTA 1000 в Мадриде






Губернатор Артюхов в интервью ТАСС обозначил планы для Ямала

РСХБ: более четверти россиян заказывают в ресторанах блюда, приготовленные из фермерских продуктов

Подмосковное УФАС внесло ООО «Строй-СТК» в реестр недобросовестных поставщиков

Стало известно, где в России самые дорогие загородные дома