Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 15.06.2021

Кадыровн гонерчу стеган йоI ядорах лаьцна дийца дуьхьал хилла Кремлехь

Radiomarsho.com 

Етташ, нийцъбора шена доьзалехь аьлла, еддачул тIаьхьа Тарамова Хьалимат  лачкъийна юхайигарх лаьцна журналисташ деллачу хаттарна жоп дала дуьхьал хилла  Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий. "И тхан хаттар дац. Иштачу меттигехь бакъоларъяран органашка дIахоуьйтуш хуьла", - аьлла Песковс, Тарамован исторех лаьцна хаамийн гIирсашкахь яздинарг Кремлехь гарх билгалдоккхуш. Зорбанан гIирсаша яздарехь, Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд-паркан"директоран Тарамов Аюбан йоI ю Тарамова Хьалимат. Читать дальше...

Кадыров а, Чимаев а: доттагIалла дуьйхи?

Radiomarsho.com 

Швецехь веха нохчийн латархо Чимаев Хьамзат Америке дIавахна, UFC чемпионатехь шен итталгIачу латарна кечам бан. ХIордал дехьавалале Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьна даьхначу шен суьртех дIацIанйина цо социалан машанашкара шен агIонаш

Тарамова Хьалиматан гIуллакхах кехаташ дIадехна ЕСПЧ-но

Radiomarsho.com 

Карачу беттан 10-чохь Дагестанерчу шелтерера Нохчийчу дIайигинчу Тарамова Хьалиматан гIуллакхан маса терго яр доьхуш, "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" (Оьрсийчохь "арахьара агент" лерина) дехар дина Европерчу адамийн бакъонийн кхеле (ЕСПЧ). Кавказ.Реалиига "Къилбаседа Кавказ" программан координаторо, бакъоларъярхочо Лапина Вероникас дийцарехь, ЕСПЧ-н 39-чу бакъонехь яздина ду, нагахь санна, оцу стеган дахарна кхерам болуш хIума делахь, маса гIуллакх луьстуш.  "Ша стандарте процедура ю иза. Цхьацца меттигашкахь... Читать дальше...

12 шо хьалха лачкъийначу нохчочун нанна 60 эзар евро дала декхарейина Оьрсийчоь

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейина Соьлжа-ГIалахь 2009-чу шарахь воI вайначу нанна Малаева Мирияна 60 эзар евро дала. Оцу хьокъехь хаам баржийна "Iазапна дуьхьалояран комитето". Соьлжа-ГIалахь Сайдахмадов Асланбек вайнийла бакъоларъярхошна хиина 2012-чу шарахь. КIентан нанас дийцина, кхо шо хьалха бевзаш боцчара петарара ара а ваьккхина, машена а хаийна, дIавигира иза, аьлла. Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалла ца толлуш хьийзина хилларг, ткъа айдина хилла гIуллакх дIакъевлина тIаьхьо. Читать дальше...

Дийнахь-буса коронавирусах 22 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 303

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 22 пациент, цомгуш хилла кхин а 303. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 12 стаг. Ставропол-макхаь уьнах кхелхина – 5, Адыгейхь - 2, Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а цхьацца велла. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 10 875 стаг. Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь. Читать дальше...

Францхойн хьехархо вийначу нохчочун дас ша реза ву шен воIана аьлла, дIахьедина

Radiomarsho.com 

Стохка ГIадужу-баттахь Францехь хьехархо Пати Самюэль вийначу Анзоров IабдуллахIан дас сингаттам хиллачул тIаьхьа дуьххьара интервью елла. Шен къамелехь Анзоров Абуязида боху, ша "реза ву" кIантана, хIунда аьлча, "боллу нохчийн а, дуьненчуьрчу бусулбачийн а сий айдина, иза дIавахарна". Анзоровс ишта дуьйцу, хьехархо веле хьалха шен кIанта лелийначух а. Цо дийцарехь, Патис дешархошна Мохьмад Пайхамарна ехкина карикатураш урокехь гайтина хиларх цунна хиъна хиллера, меттигерчу имамо яржийначу видео тIехь. Читать дальше...

Байден а, Путин а цхьаьнакхетачу юкъанна Женевехь Навальныйн граффити йина

Radiomarsho.com 

Кхаарин дйинахь, Мангал-беттан 16-чохь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентийн - Байден Джон а, Путин Владимиран а цхьанакхетар дIахьондолчу Женевехь Оьрсийчоьнан политикан Навальный Алексейн граффити гучуяьлла, "Тхан заманан турпалхо" аьлла, францхойн маттахь тIе а яздина. Охан-баттахь Санкт-Петербургерчу трансформатаран будки тIехь диллинарг санна сурт ду хIинца граффитица кечдинарг а. ПIелгашца дог а гойтуш вара цу тIехь Навальный. Буха яздина дара "Тхан заманан турпалхо". Читать дальше...

Вакцинаци юкъахъяьлла. Стенна ца лаьа Кавказехь коронавирусна дуьхьал мехий деттийта?

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь вакцинаци муха дIайоьду гойтучу статистикехь Къилбаседа Кавказан регионаш тIаьххьарчу меттигашкахь ю. Иштачу хьелашна резавоцчу Дагестанан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Меликов Сергейс, белхашкара дIабовла беза, аьлла, оцу гIуллакхца ларош боцу кIоштийн куьйгалхой. Ткъа низамо магош дац нахе ницкъаша вакцинаци яйта. ХIун хета оцу хьокъехь Къилбаседа Кавказерчу медицинан говзанчашна? Уггар кIезиг вакцинацех нах чекхбевлла мохк бу Дагестан, цигахь мехий ца деттийтина шайна 3,4% бахархоша бен. Читать дальше...

Нурмагомедовл а тоьлуш ву Чимаев аьлла, дIахьедина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, меттигерчу "Ахмат" клубан латархо Чимаев Хьмазат "хIинца нуьцкъаха ву" дагестанхойн UFC-н экс-чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибал а аьлла. Нурмагомедовс спорт дIатасарна ду иза аьлла, кхетийна цо. "Хьабиба шен Iалашонаш кхочуш а йина, спорт йитина. ХIинца къоначу латархошна гIо деш ву иза. Шен лига ю цуьнан, лелош бизнес ю", - аьллачу Кадыровн дешнаш довзийтина Sports.ru ресурсо, инстаграмехь цо дIаяьхьначу эфирна тIетевжина. Циггахь Кадыровс комментари йитина... Читать дальше...

Ша кхиазхочух летта вац аьлла, дIахьедина Дижонехь нохчаша йиттинчо

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра схабевллачу бахархоша Дижонехь йиттинчу Магрибан пачхьалкхашкара схьаваьллачу мухIажаро ша бехке вацара аьлла, кхиазхочунна тIелатарна. Дижонехь къепедацарш хилла шо даьллачул тIаьхьа, стохка нохчийн кIантана тIелатар долийнарг ву аьлла, нохчаша бехкевинчу БрахIим цIе йолчу жимчу стага интервью елла францхойн Le Bien Public гIирсана. Цуьнан аз хийцина, юьхь хьулйина ю. Билгалдоккху, стохка Товбеца-беттан 14-чохь суьйранна бархI сахьт долучу заманчохь Грезиль кварталерчу Анри-Кретьенан... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Арина Соболенко

Арина Соболенко призналась в том, что не любит женский теннис






Специалисты ОПК и учёные в Подмосковье смогут получить льготную ипотеку

Алексей Вербов: Самое важное сейчас - не надо ехать в Москву за Кубком

Арбитр Федотов оценил решение Казарцева не удалять Мойзеса в матче ЦСКА — «Спартак»

Сработает против: стало известно о влиянии завещания принца Гарри на его жизнь в США