Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 02.06.2021

Кехаташ а, молханаш а доцуш висна Францино цIехьа хьажийна нохчо

Radiomarsho.com 

Францино цIехьа хьажийна нохчийн мухIажар Исмаилов Мансур дарба лело аьтто боцуш висна. Кехаташ дац цуьнан. Бакъонашларъярхой гIерта уьш юхаметтахIитто, амма иза дан дикка хан оьшур ю царна.

Нохчо ОМОН-ах латаран гIуллакх

Radiomarsho.com 

Москвара Тверан кIоштан суд реза ца хилла оппозиционерана Навальный Алексейна гIортор яран акцехь ОМОН-ан белхахойх леттачу нохчочунна Джумаев Сайд-Мухьаммадна кхел ян. Суьдхочо кхидIа талла хьажийна цуьнан гIуллакх.

Ростов: маьждиг лаьттина меттиг къуьйсу кхаа агIоно

Radiomarsho.com 

Колганова Нина Ахшо ду Ростов гIалин юккъехь лаьтта маьждиг хилла гIишло къуьйсуш айдина гIуллакх листа артбитражан кхел ца хIутту. Цо пхоьазза дехьатеттина дов. Кхелера йолчу информацица, хIинца иза тIехьатеттина къестамашна юкъа кхоалгIа агIо – гIалин культуран урхалла - озо езаш хиларна. ГIишло а, цунна гонахара 2,5 эзар квадрат-метр латта а къуьйсу шайлахь ТIеман министралло а, Ростовн администрацино а, меттигерчу Назаретов Киман цIарах йолчу исбаьхьаллийн школо а. Ткъа кхел хьахаялале дуьйна а... Читать дальше...

"ГIалгIайн гIуллакхна" тIехула левинчо бIостане тоьшаллаш дина

Radiomarsho.com 

2019-чу шарахь ГIалгIайчохь хиллачу протестийн лидершна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхна тIехула Ессентуки гIаларчу кхело левина къайлаваьхьна теш. Цо мукIарло дина, бехкебечеран позицигахьа безам болуш ву ша аьлла, дийцина Кавказ.Реалиига адвокато Ахильгов Калойс. Чемурзиев Барахан а, Барахоев Ахьмадан а юристо дийцарехь, къайлаваьккхина теш ву 2019-чу шеран  Зазадокху-баттахь митингехь хилларг. Цуьнан цIе хьулъяран бахьана ду, шена кхерамаш тийса тарло аьлла, цунна хетар. Цкъачунна цхьана а кепара кхерамаш тийсина бац цунна. Читать дальше...

Дийнахь-буса 23 стаг велла уьнах Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла а кхин а 279

Radiomarsho.com 

ТIьаххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах велла 23 пациент, цомгуш хиллар кхин а 279 стаг. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 11 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - шишша велла, ГIалмакхойчохь  а, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а - цхьацца. Пандемин муьрехь верриг а велларг ву уьнах Къилбаседа Кавказехь 10 564 стаг. Уггаре дукха бу дийнахь буса цамгар кхеттарш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг – Адыгейхь. Читать дальше...

Нурмагомедов Хьабибна 440 миллион сом дала реза бу, иза Нохчийчохь латахь

Radiomarsho.com 

"ХукВам" шоун эфирехь Absolute Championship Akhmat лиган вице-президенто Бадаев Асланбека дийцина, Дагестанерчу латархочунна Нурмагомедов Хьабибна 440 миллион сом дала кийча ду шаьш, шайн организацехь иза латахь аьлла. "440 миллион, я цул а алсам ахча дала кийча юй-те АСА? И ахча дала хьунар ду. Хаттар хIутту, мел Iалашо йолуш ду и. Карарчу заманчохь мехкан куьйгалхочо боху цунах лаьцна. ХIаъ, дера лига кийча ма ю и ахча дала, хIунда аьлча, АСА-н лигехь Хьабибан тIаьххьара латар - сенсаци йолуш хIума ма ду", - аьлла, дIахьедина Бадаевс. Читать дальше...

Террорхошна ахча гулдарна шеконашца эцна Дагестанан вахархо

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Талламан комитетан урхалло бехкзуламан гIуллакх долийна 23 шо долчу Дербентан кIоштарчу вахархочунна дуьхьал. Террорхойн тобанехь дакъалацарна а, терроризмана ахча латторна а шеконаш кхоллаелла цунах. Урхаллан пресс-гIуллакххоша бина цунах лаьцна хаам. Талламан версица, ши шо хьалха шеконе эцначо социалан машанашкахула 200 эзар сом ахча гулдина хилла, дуьненаюкъарчу террорхойн организацешлахь йолчу тобанашна лерина. Цул совнах, Таламан комитето чIагIдарехь, 2019-чу шеран Охан-баттера... Читать дальше...

Францино депортаци йина Исмаилов дарба доцуш висина

Radiomarsho.com 

Францино депорт йина Нохчийчоьнан вахархо Исмаилов Мансур карахь кехаташ а доцуш висина, цхьанхьа вехаш ву аьлла, дIаязвина цахиларна дарбан цIийне охьавижа аьтто бац цуьнан, дийцина "Кавказский узел" интернет-гIирсе бакъоларъярхочо Титиев Аюба. Ша Исмаиловс дIахьедарца, хIора баттахь лоьрех чекхвала везаш ву иза. Титиевс дийцарехь, карарчу заманчохь Москвахь ву Исмаилов. "Цкъачунна документаш доцуш ву иза, векалто делла кехат доцург. Цуьнан документаш меттахIиттон кехаташ чуделла оха, амма сихо йоцу процедура ю иза"... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Линетт сыграет против Соболенко во втором круге турнира WTA в Мадриде






Марина Бахилина прокомментировала прямую линию главы Якутии

Овчинский: выпуск металлообрабатывающих станков в Москве вырос почти в 1,5 раза

На полигоне отходов в подмосковном Егорьевске увеличили количество фильтров

ЮKassa: число самозанятых россиян в 2023 году увеличилось на 34%