Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 25.06.2021

ГIажаройн лидера дуьххьара шена тохийтина Тегерано кхоьллина вакцина

Radiomarsho.com 

ГIажаройчоьнан Лакхарчу лидера шена тохийтина махкахь дукха хан йоццуш коронавирусна дуьхьал кхоьллинчу вакцинан хьалхара маха. ПIераскана оцу хьокъехь хаам баржийна Washington Post газето, гIажаройн хаамийн гIирсашна тIе а тевжаш. Дечкен-баттахь Аятолла Iела Хаменеис пачхьалкхана дихкира арахьара вакцина эца, Тегерано "къомо дозалла дендолу" препарат кхоллалц. ГIажаройчоьно шен некъ болийра COVIran Barekat вакцина кхуллуш – иза ницкъах эшийначу коронавирусах йина. Иза зен йолийра Гура-бутт боьрзуш. Читать дальше...

ОСАГО системица хьарамлонаш лелочу хьалханчашлахь ю Къилбаседа Кавказ

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьхь машенашца хуьлу зен меттахIотточу хьукматийн цхьаьнакхетаралло (РСА) рейтинг хIоттийна ОСАГО системера хьарамлонашца ахчанаш оьцучу регионийн. Хьалхара кхо меттиг дIалаьцна Приморски махко, ГIалгIайчоьно, Къилбаседа ХIирийчоьно. РСА-н президента Юргенс Игора дийцарехь, и регионаш стохка а яра ОСАГО Iехочийн хьалхарчу могIаршкахь. Оцу бахьаница и мехкаш бу некъахьовзамашца доьзна уггаре дукха а, машенашца хуьлу зенаш бахьанехь Оьрсийчохь сов кест-кеста ахчанаш оьцурш а. ОСАГО Iехорхойн... Читать дальше...

"Иэсан тептар". Коронавирусах кхелхинчу нохчийн лоьрех дийцарш

Radiomarsho.com 

Коронавирусан пандеми марсаяьллачу юкъанна кIайн халаташ лелон нах шаьш бисинера лазарна дуьхьал. Доллу дуьненчуьра медицина белхахой а санна, нохчийн лоьраш а хIора денна къийсаме буьйлура COVID-19 вирусаца. Нах кIелхьарбохура, шайн могушаллина кхераме доллушехь. Дийнахь-буса дарбан хIусамашкахь къахьоьгура цара, юкъ-кара декхаре хуьлура масех рожехь белхаш бан, беттанашкахь шайн доьзалш ца гора царна. Царах цхьаберш "Иэсан тептарехь" бу тахана. Маршо Радионо дуьйцур ду, цомгуш хиллачу нахана дарбанца... Читать дальше...

"Открытые медиа": бюджетах йоьзна Шойгу Сергейн йоьIан бизнес

Radiomarsho.com 

"Открытые медиа" портало пIераскана зорбане баьккхина ша Оьрсийчоьнан тIеман министран Шойгу Сергейн йоьIан бизнес зуьйш бина таллам. "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах Герзмашин-баттахь хинболчу Пачхьалкхан Думе хоржучу кандидатийн могIарахь ю иза. Талламо бахарехь, Шойгу Сергейн гергарчара "Оьрсийчоьнан бюджетан а, министран зIенийн а буха тIехь кхоьллина дуккха а миллиардех йолу бизнес", ткъа тIеман министран доьзалца декъахь болчу компанеша дIадахначу шарахь яьккхина 3 миллиард са, боху "Открытых медиа" портало. Читать дальше...

Европан Барт реза ца хилла Путинца саммит дIаяхьарх йолчу ойланца

Radiomarsho.com 

Европан Бартан пачхьалкхийн лидерша къобал ца дина Оьрсийчоьнца цхьаьнакхетарш дIадахьа дезара, аьлла, Германино а, Францино а хьалхатеттинчу ойланца. Президентца Путин Владимирца къамелашка вала дуьхьал ву Европерчу мехкийн итт лидер, коьртачу декъанна Малхбалерчу Европан куьйгалхой. Литуван президента Науседа Гитаниса Европан Цхьаьнакхетараллин саммитан хьалхара де доьрзуш дIахьедина, хьалхе ду Путин Владимирца цхьаьнакхетарш дIадахьа, Оьрсийчохь цкъачунна гуш бац дикачу агIор хийцамаш, ткъа юкъаметтигаш Москваца иэгIаш бен а яц, аьлла. Читать дальше...

Беларусехь Протасевич а, Сапега а изоляторера цIахь лаьцна кхобучу кепе даьккхина

Radiomarsho.com 

Беларусерчу оппозицин Nexta телеграм-каналан коьрта редактор Iийна Протасевич Роман а, иза тIехьийза йоI, Оьрсийчуьра Сапега София а – Минскехь Ryanair рейсан кема охьадоссийна, лецира и шиъ – цIахь лаьцна латточу кепе даьккхина изоляторера. Оцу хьокъехь церан гергарчара хаийтина "Би-би-си" радион оьрсийн сервисе.  Ши-кхо де а ду, гергарчара дийцарехь, Минскехь цхьацца даьккхина, петаршка къастийна Протасевич а, Сапега а. Протасевич Романан дас Протасевич Дмитрийс, шайна а хета тамаше шен воI а... Читать дальше...

Торнадо Чехехь: масийтта юрт йохийна, белларш, лазийнарш бу

Radiomarsho.com 

Лаххара а 7 юьртахь даккхий зенаш дина хьаьвзинчу торнадо баккхийн мехаш наггахь а хуьлуш йоцчу Чехин къилба-малхбалехь. 150 сов стеган могашаллина зен хилла, белларш а бу. Къора а етташ, хьаьвзинчу мохо дохийна иттанаш цIенош. Гиначара тоьшалла дарехь, Грушка юьртахь дийна ца йисина цхьа а гIишло, лаьтта деккъа пенаш. Алссам зенаш хилла луларчу ярташна а, масала, йохийна бIешерашкахь лаьттина Валтице гIап. Билггал маса ву велла, лазийна цкъачунна толлуш бен дац – цIеяйъархой, орцанхой ца ларабелла массо а ярташка кхача. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Дарья Касаткина

Теннисистка Касаткина заявила, что скучает по России, но пока не может приехать






Количество вакансий с подработкой выросло на 42% перед майскими праздниками

Матвиенко: банка детского питания стоит пять тысяч рублей, ее хватает на неделю

«Швабе» познакомил гостей промышленной выставки в Ташкенте с инновационными продуктами и проектами

Проекты из Ленинградской области победили в Международном профессиональном конкурсе НОПРИЗ на лучший проект – 2023