Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 29.06.2021

Оьрсийчу цагIертар хьехна америкахошна Пачхьалкхан департаменто

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто хьехам бина шайн махкахошна, Оьрсийчу цадахча гIоле ю аьлла, хаам бина "Американ аз" портало. ДIахьедарехь аьлла ду Оьрсийчу даха ца оьшу, цигахь терроризм хиларна а, ницкъаллин структурийн белхахоша адамаш хьийзош хиларна а, Американ векалаллин шен махкахошна гIо дан болу аьттонаш кIезиг хиларна а, меттигерчу Iедалша шайна луучу кепара низамех пайда оьцуш хиларна а. Пачхьалкхан департаментан дIахьедарехь къаьсттина билгалъяьккхина ю Къилбаседа Кавказ а... Читать дальше...

Соьлжа-ГIаларчу гуламан декъашхой емалбина Европерчу нохчаша

Radiomarsho.com 

"Нохчийчуьрчу халкъийн дерригдуьненан гулам" цIе йолу мероприяти хилира Соьлжа-гIалахь кхубеттан 23-хь. Цуьнан делегаташа "дийхира" республикан куьйгалхочуьнга юха а, доьазлагIа, даржехь висахьара аьлла. Европерчу нохчийн юкъараллийн векалша емалдина оцу форумехь мухIажарша дакъалацар.

Стаг вийна аьлла шеконашца лаьцна ГIалгIайчуьра вахархо

Radiomarsho.com 

Карарчу беттан 23-чохь хиллачу инцидентехь меттигера цхьа вахархо вийна, кхаанна чевнаш йина аьлла, шеконашца лаьцна ГIалгIайчуьра 59 шо долу Кодзоев Мохьмад. Несаран кIоштан кхело мел лахара а шина баттана иза лаьцна вуьтуш сацам бина, яздо "Интерфаксо". Маршо Радионо яздира, Мангал-беттан 23-чохь латта къовсуш, герзаш диттина хиларх ГIалгIайчуьрчу Несаран кIоштахь.  "1962 шарера волчу меттигерчу вахархочо бахамца доьзна цIеххьана иккхинчу девнехь таллархойн "Сайга" карабинца чевнаш йина веа стагна. Читать дальше...

25 шо хьалха Нохчийчохь зуламаш лелийна аьлла, бехкевен нохчо Оьрсийчоьне дIавелла Бельгино

Radiomarsho.com 

1996-чу шарахь Нохчийчуьрчу школана тIелатар дина ву аьлла, мухIажар Оьрсийчоьне дIавелла Бельгин Iедалхоша. ТАСС агенталле бина и хаам Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран пресс-гIуллакххоша. "Инарла прокуратуран тIедилларца, Бельгин Паччахьаллин компетенте йолчу органаша экстрадици йина Оздамиров Iелина. Иза бехкево "бандиталла" лелорна а, "талораш" дарна а", - аьлла ду хаамехь. Талламчийн версица, 1996-чу шеран Охан-баттахь Куьрчала кIоштарчу Гелдаганан номер 2 йолчу школехь тIеман куьйгалхо хилла ву Оздамиров. Читать дальше...

ХIирийчуьра Гуев Георгий политикан тутмакх лерина "Мемориало"

Radiomarsho.com 

Терроризмана ахча латтийна аьлла, кхел йина Къилбаседа-ХIирийчуьра схьаваьлла Гуев Георгий политикан тутмакх ву. Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо тIе ца оьцу шена и статус – редакцин билгалдаккхар) дина цунах дIахьедар.  "Тхуна схьахетарехь, иза маршонех хьегош ву, нуьцкъала доцуш, дин лелон шен маршо яккха гIортарна. Цунна таIзар дина нийсонца дов хатта бакъо а йохош",- аьлла ду "Мемориало" кху беттан 28-чохь бинчу хаамехь. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь 39 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 661 – цомгуш хилла

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 39 пациент, цомгуш хилла кхин 661. Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 19 вахархо, Ставропол-махкахь – 7, Нохчийчохь - виъ, Адыгейхь а, Дагестанехь а - кхоккха, Кхарачой-Чергазийчохь - шиъ, ГIалгIайчохь а - цхьаъ. Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 11 280 стаг, боху официало Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Краснодар-махкахь, лахара – Къилбаседа-ХIирийчохь. Читать дальше...

"Иэсан тептар". Коронавирусах кхелхинчу нохчийн лоьрех дийцарш (шолгIа дакъа) 

Radiomarsho.com 

Пандеми марсаяьллачу муьрехь лоьраш лаьттара шайн гIаролехь. Дерриг а дуьнентIера медикаш а санна, хIора дийнахь хIуьттура нохчийн лоьраш COVID-19 уьнна дуьхьал бечу тIаме – нехан могашаллин дуьхьа шайн могашалла хIиттайора цара кхерамна кIел. Де-буьйса доцуш, дарбан хIусамашкахь хьора цара хан, рагI ца лоьруш бора болх, беттанашкахь ца гора шайн гергарнаш. Цхьаберш царех, кхин цIехьа ца боьрзуш, бисира тIаьххьара а "Иэсан тептарахь". "Гипократан дуй" ца къарбеш, белхан меттигашкахь беллачу цхьаболчу лоьрех лаьцна дуьйцу Маршо Радионо. Читать дальше...

Ца оьшучу организацешкахь дозанал арахьа болхбан ца магадо Путина

Radiomarsho.com 

Оьшуш йоцучу, дозанал а арахьарчу юкъараллашкахь Оьрсийчоьнан бахархошна а, организацешна а белхаш бар ца магочу омрана куьйгъяздина Путин Владимира. Оцу документо бакъо ло Росфинмониторингна, арахьарчу мехкашкара схьахьежочу ахчанашна тIехь терго латтон. Центрбанкаца дага а бевлла, леррина тептар вовшахтухур долуш ду оцу пачхьалкхийн. Цул совнах, оршотан дийнахь Путина кхин цхьа низам а къобалдина, ша Iалашван лаамца герз эца бакъо 21 шо кхаьчначул тIаьхьа бен ца луш. Ишта герз лелон лицензи кхачор яц герзах... Читать дальше...

Иракъехь а, Шемахь а тохарш дина Американ Цхьаьанатоьхначу Штаташа

Radiomarsho.com 

Иракъан а, Шеман а дакъош тIехь гIажарошкахьа йолчу тIеман тобанийн гIишлошна кеманашца тохарш дина Американ Цхьаьантоьхначу Штаташа дахначу кIирандийнахь. Америкерчу буьйранчаша хаам барехь, герзаш латточу гIишлошна а, цара каппаш тоьхначу меттигашна а йиттина бомбанаш - Шемарчу шина меттигехь а, Иракъехь цхьанхьа а. Тохарш дича беллачех а, лазийначех а информаци яц Американ тIемалошкахь. Цхьахйолчу тобано дIахьединера, шайн виъ декъашхо вийна аьлла. Иракъерчу Американ Iалашонашна ракеташца динчу... Читать дальше...

25 миллион евро компенсаци тIейожийна Оьрсийчоьнна Чехин Iедалша

Radiomarsho.com 

2014-чу шарахь тIеман базашкахь тIелатарш дарца шайна дина зен меттахIоттаде аьлла, тIедожийна Оьрсийчоьнна Чехин Iедалхоша. Врбетицерчу бахархошна дикка зенаш динера хIетахь, Чехин бахархой байъинера. 23 миллион евро (29,7 миллион долларш) аьлла мах хадийна шаьш тIедожийначу компенсацин. Чехин арахьарчу гIулллакхийн министран гIовса Смолек Мартина оршотан дийнахь дипломатин нота кховдийна Прагерчу Оьрсийчоьнан векале Змеевский Александре, шаьш бина эшам кхачо йоллуш меттахIоттабе аьлла. Чехехь... Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Камбэком обернулся матч вундеркинда из России перед стартом Еленой Рыбакиной в Мадриде






Нет взятки – нет и наказания? Что угрожает Тимуру Иванову

В Москве строители-мигранты напали на защитников детской площадки

Главу Гагаузии после визита в Москву ждали в аэропорту Кишинева сотни встречающих и тщательный досмотр силовиков