Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Новости за 01.06.2021

Бютукаев Асланан тобанхочунна кхел йийр ю

Radiomarsho.com 

Къилберчу тIеман кхеле кхачийна ГIалгIайчуьрчу вахархочун Дзейтов Турпал-Iелин бехктакхаман гIуллакхан. Талламхойн версица, амир лаьттинчу Бютукаев Аслана куьйгалла дечу "Кавказан Имарат" тобанна юкъахь хилла иза.

Оьрсийчуьрчу регионийн куьйгалхошлахь уггар а хьалдерг ву Кадыров Рамзан

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цуьнан декларацица а догIуш, Оьрсийчоьнан регионийн куйьгалхошлахь уггар а хьал долу урхалхо ву. ХIоттийначу тептарехь цунна тIаьхьа вогIучу итт губернаторан бахамал а сов пайда хилла цунна дахначу шарахь. "Открытые медиа" хьостано бина и хаам. 2020-чу шарахь Кадыровс 381,1 миллион сом ахча даьккхина. Уггар а хьоле болчу губернаторшлахь къастийначу иттаммо 378 миллион сом декларацехь билгалдаьккхина. ШолгIа меттиг дIалаьцна 2020-чу шарахь пайда хиларца... Читать дальше...

Арабаха кечбинарш: стенна яьхна Украино кавказхошна дуьхьал санкцеш

Radiomarsho.com 

Украинехь бIеннашкахь бу депортацин тептара язбина Къилбаседа Кавказера нах. Официалехь и таIзар хьажош ду «тутмакхийн эланашна», криминалан авторитеташна дуьхьал. Ткъа долчу хьоле диллича, тIеIаткъам беш нисло ханна а, даиманенна а махкахь баха мигийначарна а тIехь. Санкцийн тептар Украинан президенте хьажийнарг ю Халкъан кхерамзаллин а, тIамах къам Iалашдаран а кхеташо (СНБО) – пачхьалкхан куьйгалхочунна хьехамаш бан бакъо йолу урхалла. Амма и кхеташо вовшахтоха бакъо яц къайлахчу сервисийн бен. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 26 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 254

Radiomarsho.com 

ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 26 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 254 стаг. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 12 велла, Ставропол-махкахь - ялх, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а шишша, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а цхьацца велла. Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 541 стаг. Краснодар-махкахь ду уггаре даккхий дараш, лахара - Адыгейхь. Краснодар-мохк... Читать дальше...

Нурмагомедовс жоп делла Кадыровна а, Чимаевна а

Radiomarsho.com 

UFC-н чемпиона Нурмагомедов Хьабиба дастаме ца лору шех лаьцна Кадыров Рамзана аьлла дешнаш. Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьалхо дIахьединера, Хьабиб "UFC-н проект" ю, иза Оьрсийчоьнан патриот а вац, аьлла. Чимаев Хьамзатан дешнаш а цадаьхкина шена новкъа, боху Хьабиба. Нохчийн спортхочо ша Нурмагомедов "ватIор" ву шаьшшиъ летта меттиг нислахь, аьллера.

Ши ваша вийначу Бесланерчу вахархочунна 15 шо хан тоьхна набахтехь яккха

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчоьнан Лакхарчу кхело колонехь даккха 15 шо хан тоьхна Бесланерчу вахархочунна Хосонов Олегна, яздо Кавказ.Реалии портало. Цуьнан дов къевлинчу неIаршкахь хаьттина, бехккъасторхой декъехь а болуш. Талламбар а, кхелан процесс а кхаа шарахь дIадехьира. 2018-чу шарахь Биченов Аланан а, Хосонов Сосланан а дов даьллера Хосоновн доларчу автосервисан гIишлона хьалха. Травматикан герзах пайда а оьцуш, летттера и шиъ вовшах. Цхьа хан яьллачу заманчохь конфликт кхин дIа а яхъелира, церан баккхий вежарий юкъа а гIоьртина. Читать дальше...

Краснодарера жигархочунна ялх шо хан тоьхна Басаевх лаьцна пост хIотторна

Radiomarsho.com 

"Левое сопротивление" боламан лидер йолу Полюдова Дарья бехкейина экстремизм а, терроризм а бакъярна аьллачу артиклехь, цо "ВКонтактерчу" шен агIонехь Ичкерин куьйгалхойх пост хIоттийча. Терроризм къобалйина аьлла лерина кхело, тIеман буьйранчех Басаев Шемалах лаьцна цо дина йозанаш бахьана долуш. Кхело набахтехь даккха ялх шо кхайкхийна жигархочунна, иштта деа шарна дихкина интернетехь информаци зорбане яккха а. "Оха дуьйцург кхело чоьте а ца ийцира, я цуьнан мах а ца хадийра. Кхелан чулацаме хьаьжча... Читать дальше...

Терроризмца доьзначу гIуллакхна кхеле хIоттийнарг бехказваьккхина

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу вахархочун Алиев Iелин леларехь зулам дина меттиг ца карийна Къилберчу тIеман кхелана. Бакъо йоцуш герзаш лелочу зуламхойн тобанехь стаг верна бехкевора иза, хаам бина кхелан пресс-гIуллакххоша. Цуьнца цхьана кхеле хIиттийначу Дагестанерчу Агульскан кIоштарчу веа вахархочунна яккхий хенаш йиттина. Магомедов Рахьматулна 18 шо хан тоьхна шогачу хьелашкахь йолчу колонехь яккха, ишта 230 эзар сом гIуда а тоьхна. Гадаев Рамзанна 16 шо а, гIуда а, Курбанов Рамзанна 12 шо, Тагривердиев Рамазанна 10 шо. Читать дальше...

Магасехь митингехь хиллачу Оздоевна бархI бутт къайкхийна кхело

Radiomarsho.com 

Магасехь хиллачу митингехь дакъалаьцначу Оздоев Мохьмад-Баширна колонехь яккха бархI бутт хан тоьхна. Цо СИЗО-хь яьккхина хан а, цIера валар дихкина латтар а лерича, иза маьрша воккхур ву итт де даьлча. Хаамийн гIирсашкахь дийцарехь, Оздоев лецира стохка ГIуран-беттан 26-чохь ГIалгIайчоьнан шахьарахь. МукIарло дан дуьхьало йира цо. Байначу беттан 28-чохь кхело бовзийтина Оздоевн хьокъехь шаьш бина сацам. Иза бехке лерина Iедалан векалшна дуьхьал ницкъ баккхарна 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Магасехь хIоттийначу митингехь. Читать дальше...

Бютукаев Асланан агIончан гIуллакх кхелехь къастор ду

Radiomarsho.com 

Къилбера тIеман кхеле кхаьчна, "Кавказан Имарат" организацица воьзна хилла, шен гергара нах тIемалойн могIаршка ийзина аьлла, бехкевечу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Дзейтов Турпал-Iелин гIуллакхан материалаш. Кхелан пресс-гIуллакххоша бина и хаам, яздо "Кавказский узел" интернет-гIирсо. Дзейтовна бехке диллина - террорхойн могIаршкахь латтар, террорхойх дIакхета бохуш, нахе кхайкхамаш бар, церан тобанашка нах ийзор, герзашца лелачу вовшахтохараллашца лелар, бакъо йоцуш герз лелор, хаамбира "Коммерсанто" байначу беттан 27-чохь. Читать дальше...


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Мария стала соперницей Азаренко на турнире WTA в Мадриде






В Центре Крови Подмосковья рассказали, как записываться на компоненты крови

Озвучены объекты модернизации коммунальной инфраструктуры в Лобне

В Москве 30 человек эвакуировали из шашлычной из-за пожара

Жюри ММКФ присудило призы актерам из Германии и Мексики