Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Терроризмца доьзначу гIуллакхна кхеле хIоттийнарг бехказваьккхина

0
Терроризмца доьзначу гIуллакхна кхеле хIоттийнарг бехказваьккхина

Дагестанерчу вахархочун Алиев Iелин леларехь зулам дина меттиг ца карийна Къилберчу тIеман кхелана. Бакъо йоцуш герзаш лелочу зуламхойн тобанехь стаг верна бехкевора иза, хаам бина кхелан пресс-гIуллакххоша. Цуьнца цхьана кхеле хIиттийначу Дагестанерчу Агульскан кIоштарчу веа вахархочунна яккхий хенаш йиттина.

Магомедов Рахьматулна 18 шо хан тоьхна шогачу хьелашкахь йолчу колонехь яккха, ишта 230 эзар сом гIуда а тоьхна.

Гадаев Рамзанна 16 шо а, гIуда а, Курбанов Рамзанна 12 шо, Тагривердиев Рамазанна 10 шо.

Официалан версица, 2015-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Агульскан кIоштарчу Тпиг эвлахь Магомедовс а, Рамазановс а цхьана а кхетта, герзаш вовшахтоьхна, бакъо йоцу тоба кхоьллира. 2016-чу шарахь царех дIакхийтира Тагривердиев а, Курбанов а. 2016-чу шеран ГIадужу-баттахь Магомедов а, Рамазанов а гIоьртира меттигерчу ваахархочуьнгара миллион сом ахча даккха шайн тобанан хьашташна хьажон.

2017-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Магомедовс а, Рамазановс а, Курбановс а Тпиг эвлара кхача а, къаьркъа а духку туьканаш ягийра. Цара дина зен кхо миллион сов соьман барамехь дара.

Цул совнах, талламан версица, 2016-2017-чу а шерашкахь кхеле хIиттийнарш хиллера бакъоларъяран органийн  белхахошна а, Агульскан кIоштан администрацин куьйгалхочунна а кIело кечъеш.

Уьш бехке бира террорхойн юкъаралла кхолларна а, герзашца нах вовшахтохарна а, оцу тобанна ахчанаш латторна а, терроризмна гIо латторна а, баъйа Iалашонца ницкъхошна кIело кечъярна а. Ишта, ахчанаш дахар а, къоланаш дар а, герз лачкъор а, нехан бахам хIаллакбар а, бакъо йоцуш герзаш а, лоьлхуьйтурш а лелор а.

Кхеле хIоттийнарг бехказа воккхуш кIезиг меттигаш нисло Оьрсийчохь. Масала, 2020-чу шарахь Ставрополан кIоштарчу кхелаша бехкзуламан гIуллакхашна тIехула  кхелаш йира 7 854 стагана, оцу юкъанна 23 стаг бехказа ваьккхира. 

2018-чу шарахь Оьрсийчоьнан Талламан комитете хьажийначу 108 бехкзуламан гIуллакхашлахь 516 стаг бехказваьккхира.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Андрей Рублев поднялся на шестое место в рейтинге ATP






Психолог Чудова: свадьбу лучше устроить на свои деньги во избежание разногласий

Фестиваль «Московская весна» подготовил яркую сценическую программу

Россияне рассказали, как планируют отпуск и где проводят длинные выходные

Работники Московско-Курского транспортной прокуратуры приняли участие в торжественном мероприятии, посвященном празднованию Дня Победы