Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Ростов: маьждиг лаьттина меттиг къуьйсу кхаа агIоно

0
Ростов: маьждиг лаьттина меттиг къуьйсу кхаа агIоно

Колганова Нина

Ахшо ду Ростов гIалин юккъехь лаьтта маьждиг хилла гIишло къуьйсуш айдина гIуллакх листа артбитражан кхел ца хIутту. Цо пхоьазза дехьатеттина дов. Кхелера йолчу информацица, хIинца иза тIехьатеттина къестамашна юкъа кхоалгIа агIо – гIалин культуран урхалла - озо езаш хиларна.

ГIишло а, цунна гонахара 2,5 эзар квадрат-метр латта а къуьйсу шайлахь ТIеман министралло а, Ростовн администрацино а, меттигерчу Назаретов Киман цIарах йолчу исбаьхьаллийн школо а. Ткъа кхел хьахаялале дуьйна а, 1980-чу шерашкара схьа, маьждиг меттахIоттадайтар доьху меттигерчу Бусалбанийн урхалло.

Маьждиг чуьра – салтийн клубе

Къовсаме даьлла "Хьалхара маьждиг" (Первая соборная мечеть) дина 1906-чу шарахь совдегарийн-бусалбанийн ахчанах. Наполеонна дуьхьал тIемаш бинчу гIезалойн дакъойн хьомара хIоттийна хилла иза. Болх беш лаьттина 1963 шаре кхаччалц, амма дIадаьккхина Ростов гIалин къинхьегамхойн кхеташоно бусалбанашкара маьждиг а, гонахара латта а, дIаелла гIишло Къилбаседа Кавказан тIеман гоне. Цул тIаьхьа 15 шо даьлча маьждиг дохийна, цуьнан буха тIехь йина салтийн клуб. Тахана пайдаоьцуш бац гIишлонах, йоьхна лаьтта.

2016-гачу шеран юьххьехь Ростов мехкан бусалбанийн урхалло дийхира гIалин бахаман-лаьттан юкъаметтигийн департаменте маьждиг юхадалар. ХIеттахь арахецнера Оьрсийчохь динан гIишлош муниципалан долара динлелорхошка дIадала кхачош долу федералан низам – бакъду, доккхачу декъанна керстанийн килсашна аьтто беш юкъадаьккхина дара иза. ГIалин Iедало дIа ца елира гIишло бусалбанашка, дац, бохура, цигахь маьждиг лаьттина ала тоьшалла.

КхоалгIа агIо ю кхела юкъабоьллачаралахь эскар. Цо арздина кхелан экспертиза ма яйта, аьлла

Къовсам кхеле чубелла – Бусалбанийн урхалло Ростов-мехкан арбитражан кхеле арз хьажийна, экспертиза цаяйтар низамца ца догIу, аьлла. Тоьшалла далош бусалбанаша кхеле яздинчу кеьтаха доьзна Къилбан тIеман гонан буьйранчин гIовса Жаров Владимира яздина хилла кехат. 90-чу шерашкахь дуьйна тIеман урхалло маьждиг хиллачу гIишло чохь бусалбанашна бакъо лора Марха достуш а, ГIурбан деношкахь а динан гIуллакх дан, боху кехато. 2002-чу шарахь Ростовхь, Фурмановская урам, 131 меттехь, керла маьждиг дина. ХIетахь дуьйна сацийна тIеман декъа тIехь бусалбанашка динан гIуллакхаш дайтар.

"Клуб 1980-чу шарахь йина, амма иза бухарчу ларда тIехь йоьттина – техникан паспорто гойту иза. Клуб бусалбанийн хьашташна йина яц, йина салташна мукъа хан дIаяхьархьама", – боху арбитражан кхелан сацамехь.

ТIе ца эцна кхело клуб маьждиган ларда тIехь йина хиларх долу дареш а. Цо чIагIдарехь, лардаца долчу гIум-лаьттан, цементан анализаша бакъ ца до бусалбанаша бохург, цу тIе 704 квадрат-метр тIера 1600-не кхачош шорйина а хилла и лард.

РБК агенталло, Ростов мехкан муфтин гIовсанна Бикмаев Мухьаммадна а тIе а тевжаш, чIагIдо кхелан хьалхарчу инстанцино сацам техникан экспертиза а ца еш бина хиларх лаьцна. 1980-чу шарахь хIоттийна техникан паспорт тоьшалле а оьцуш бина кхело шен и сацам. Амма тидаме ца эцна, клуб еш маьждиган лардах пайдаэцна ца Iаш, маьждиган гIишлох и клуб йина хилар.

Оьрсийчуьрчу бусалбанийн урхалла, аьрзнаш деш, кхаьчна Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле а, амма цо бакъйина шел хьалха гIуллакх луьстуш лелла кхелаш.

Салтийн клубера – берийн школе

2012-чу шарахь маьждиган гIишло Ростоврчу администрацин долаерзийра. Кавказ.Реалиига Ростоврчу арбитражан кхелан пресс-векалто бинчу хаамца, оцу хьокъехь буьйр яздира Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовса.

ГIишло дIалуш, оцу чохь "эскархошкахь тIеман-патриотизм кхиоран болх дIабахьа а, эскархошна а, церан доьзалшна а культуран кхача латто а" барт бина хилла агIонаша, амма Iедало тесна дитина цIа.

Кхелехь бусалбанаш эшча, маьждиг хилла гIишло йохка кхайкхийна Ростовн администрацино, юьхьарцара мах 26 миллион а хIоттош. 2017-чу шеран ГIура-баттахь хила езаш яра аукцион. Муфтиято, иза схьаэца ойла йолуш, ахча гулдар дийхира бусалбанашка.

Амма гIалин Iедало, бахьана хьахош а доцуш, юхабаьккхира гIишло йохка ша бина сацам. Кхушара бен хиина дац администрацино маьждиг лаьттина цIа Назаретов Киман цIарах йолчу берийн джазан школина дIаелла хилар.

Кавказ.Реалиина кхело хаийтира Iедало и сацам 2019-чу шарахь бина хилар.

ГIишло дIаяларца доьзна шегара "гIайгIа а, халахетар а" довзийтина муфтиято.

"Маьждиг лаьттина гIишло кхечу хьашташка ерзор оьзда дац, Ростов-махкарчу бусалбанийн бакъонаш эшош ю аьлла хета тхуна. И харц, низамца хилар шеконехь долу гIуллакх юхалистар доьху оха", – аьлла ду Оьрсийчоьнан бусалбанийн урхалло шен сайтехула даржийначу дIахьедарехь.

Сацам ца баьккхина юха. Ца хаийтина Iедало официалехь, стенна оьшу берийн школина маьждиг лаьттина гIишло, цо хIун дийр ду цунах.

Кавказ.Реалиица къамел динчу джазан школин директора Рустамянц Арама элира, шайна пайде хир яра и гIишло, амма иза кара-кара луш латтайо.

Маьждиган хилла гIишло хIинца шена дIаезийла хаийтина ТIеман министралло а. Цо арбитражан кхеле хьажийначу орзехь доьху Ростовн администрацин долара иза яккхар – боху, бина барт кхочуш ца бина администрацино.

Ткъа Ростовн администрацино жоп ца делира Кавказ.Реалиино шега хаттар деш хьажийначу кехатна.

"Харцо Iораяккха еза"

Тишаелла латта гIишло бусалбанашка дIаяла еза аьлла хета гIалахь цхьаболучарна, кхечарна – ца лаьа. Росторчу администрацин цхьана векала элира Кавказ.Реалиига, эрна ду бусалбанаша гIишло къийсар, Лакхарчу кхело кхечу кхелийн сацамаш бакъбеш хилча.

"Динан цIа ду аьлла, клубан гIишло дIаяла бух ца карийна цхьана а инстанцина. Со кхета, Ростовхь ца тоьу маьждигаш, амма центрехь лаьтта и гIишло маьждиге ерзор дика дац. Кхечу агIор аьлча, дукха хан ю хIуманна а пайде йоцуш, гIишло латтта. ГIолехьа хир дара иза ТIеман министралле юхаелча. Ткъа бусалбанийн таро ю гIалахь болх беш долу маьждиг шордан, и болх беш а бу цара", – бохура хьасто.

Юкъараллин палатин эксперта Ларин Николайс Кавказ.Реалица къамелдеш элира, маьждиг лаьттина меттиг бусалбанашка дIаялар хир ду нийса.

"Ростовх бусалбанашна дакъакхочуш хиларх шеко а яц. Бусалбанаша шайн ахчанца диллина ду маьждиг, иза дIадахначу бIешеран I960-гIа шераш тIекхаччалц лаьттина. Ишта йолу меттигаш дIалуш юй вай динлелочарна Оьрсийчохь? Ю. Масала, дехха къийсира, амма дIаелира Ростовн центрера берийн тайнагийн театр Оьрсийчоьнан килсе, дийцаршкахь ю Новочеркасскера динан хIусамаш а. Чохь дуккха а ламазаш дина йолу гIишло бусалбанашка дIаелча нийса хета суна, тIеман декъа тIера лаьттан кийсак дIаяларх зен дац. Ростов дуккха а къаьмнаш деха гIала ю, кхузахь цхьабосса лараме бу муьлххачу а къоман, динан нах. Оццул еза и меттиг денъяйтича, адаман дегнашна герга юьсур ю иза. Керстанийн синбахамашка хьийса богIу нах – кхуьнга хьийса а лелар бу", - аьлла хета Ларинна.

Эксперт тешна ву, маьждигна и меттиг дIаяларо кIел ца юьту Ростовн кхечу кIоштахь а маьждиг дан йолу Iалашо.

"Цхьа хIума ду, маьждиг лаьттина центрехь. Цигахь хIинца вуно дукха адам а, машенаш хIитто меттиг а ца тоьу. Керла маьждиг дан меттиг лоху зама кхаьчна, гарехь, Северный кIоштахь долчунна чу ца тарло бусалбанаш. Масала, меттиг кIезиг йолчу тIеман декъан территори тIехь ян мегар дара Ростоврчу бусалбанийн музей, я динан дай гулло ЦIа. Со тешна ву, бюджетера кепек а оьшур яц бусалба наханна – цара шаьш денйийр ю и хIусамаш. Нийса дац дуьхьало яр, гIуллакх машарехь дийцаре цадаккхар", – элира Ларина.

Бикмаев Мухьаммада, Ростов-мехкан муфтийс, хаийтира Кавказ.Реалиина бусалбанаш шайн долуш долу маьждиг шордан ахча гулдеш буйла.

"Дукха хан ю бусалбанашна Далла гIуллакх дан меттиг тоьуш йоцу. Долу маьждиг шордан дохку тхо, проект йойтуш ю, документаш кечдеш дохку, ахча лахьо долийна. Иштта ю Iалашонаш", – боху цо.

Цунна гарехь, къовсаме яьлла ширачу маьждиган меттиг бусалбанашна юхалур ю ала дац. "Теорехь хила тарлахь а, тамаша бу тахане тхоьгахьа ерзахь –", – элира муфтийс.

Ростоврчу Фурмановская урамера маьждиг дира 2003-чу шарахь. 1500 стаг бен ца хоьу цу чу. 2018-чу шеран статистико бахарехь, Ростоврчу бахархойх бусалба динехь бу 3% нах – лаххара а 33 эзар стаг.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко уступила Свентек в финале турнира WTA-1000 в Мадриде






Инвестор построит многофункциональный комплекс в ТиНАО

Тхэквондисты Подмосковья завоевали четыре медали Всероссийских соревнований

Прошел всю войну. В музей обороны Москвы отдали вещи директора зоопарка

«Сбивают сразу 36 ракет». В России нашлось противоядие от ATACMS