Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 23 стаг велла коронавирусах. Цомгуш хилла - 276

0
Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 23 стаг велла коронавирусах. Цомгуш хилла - 276

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус шайца карийначу нахах велла 23 пациент. Цомгуш хилла кхин а 276 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, COVID-19 цамгар кхеттачу нахах Краснодар-махкахь велла 12 стаг, Ставропол-махкахь – 4, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь – шишша, Дагестанехь, Адыгейхь, ГIалмакхойчохь – цхьацца. Верриг а коронавирусах пандемин муьрехь уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь 10 683 стаг.

Уггаре дукха ду пандемин дараш Краснодар-махкахь, лахара – Адыгейхь.

Краснодар-мохк + 96 (49 103 пандемин ерриг хенахь)

Ставропол-мохк + 50 (55 248)

Дагестан + 53 (33 973)

ГIалмакхойчоь + 16 (20 933)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 13 (24 422)

Нохчийчоь + 13 (12 369)

Кхарачой-Чергазийчоь + 11 (20 534)

ГIалгIайчоь + 10 (15 852)

Къилбаседа ХIирийчоь + 7 (17 061)

Адыгей + 7 (14 730)

Таханенна, официало бахарехь, Къилбаседа Кавказехь 264 225 стаг ву шайца коронавирус хааелла. Ерриг Оьрсийчохь* - 5 135 866.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена юкъаоьцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Ига Свёнтек

«Ну и кто сказал, что женский теннис — это скучно?» Свёнтек — после матча с Соболенко






Кедровая аллея в память о погибших в ходе боевых действий военкорах появилась в Москве

Петросян не планирует осваивать новые четверные

МВД: в Ленобласти мужчина выстрелил в 3 нападавших у станции метро «Девяткино»

Одна из «башен Кремля» задумала захват власти в России – Сивков