Дийнахь-буса коронавирусах 23 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 292
Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 12 стаг. Ставропол-макхаь уьнах кхелхина – 5, Дагестанехь, Адыгейхь – шишша, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIалмакхойчохь – цхьацца.
Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 10 829 стаг.
Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг – Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а.
Краснодар-мохк + 104 (49 701 ерриг хенахь) Ставропол-мохк + 62 (55 602)
Дагестан + 46 (34 256)
ГIалмкхойчоь + 21 (21 049)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 13 (24 500)
Кхарачой-Чергазийчоь + 12 (20 605)
ГIалгIайчоь + 9 (15 920)
Адыгей + 9 (14 782)
Къилбаседа ХIирийчоь + 8 (17 113)
Нохчийчоь + 8 (12 426)
Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 265 951 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 208 687.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.
