Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Нохчийчоьнан куьйгалло Дагестанера бакъоларъярхой бехке лору Тарамова Хьалимат "ядорна"

0
Нохчийчоьнан куьйгалло Дагестанера бакъоларъярхой бехке лору Тарамова Хьалимат

Дагестанехь, зударийн зуламах ларбечу хIусамехь, къайлаяьлла хилла Нохчийчуьра яхархо Тарамова Хьалимат лаамза дIайигина ши де даьлча йина хиламна комментари. Мехкан куьйгаллина хетарг довзийтина "Грозный" телеканалехула республикан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министра Дудаев Ахьмада. Хиллачунна цо бехкебина зудчунна Кавказера яда аьтто бан гIиртина бакъоларъярхой.

"Нохчийчоьнан а, Дагестанан а полицино бертахь, лаккхарчу корматаллица болх бар бахьана долуш, стаг ца вадавайта аьтто баьлла, тешна ду тхо. Низамехь доцург ца даьлла я полицигара а, я Тарамова Хьалиматан гергарчаьргара а. Низамца а догIуш, йоI полицин декъе а кхайкхина, цигахь цуьнга хеттарш а дина", - аьлла Дудаевс.

Тарамова – "могашаллица проблемаш йолуш йоI ю", иза "тхан поликлиникашка могашалла тоян лелла а ю", - билгалдаьккхина министра.

Дудаевна хетарехь, хилларг "сов дестийна" дуьйцу, хIунда аьлча, "Нохчийчийн Республикехь адаман бакъонаш, маршонаш массо а хIуманал лакхара лору. Адаман бакъонийн а, маршонийн а гарант ву Кадыров Рамзан Ахматович".

Юкъараллин жигархой бехке лору Дудаевс. Уьш "кхузахь боцу, хилла а боцу цхьа кIезиг нах тхуна тIеябан гIерта", - аьлла цо.

Тарамова йолу меттиг хууш яц тахана: Нохчийчу ша дIайигинчул тIаьхьа зIене ца яьлла иза я шен накъосташца а, я бакъоларъярхошца а.

Кадыровхоша, ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь ницкъаша Нохчийчу дIайигина Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд паркан" директоран Тарамов Аюбан йоI Тарамова Хьалимат. Иза ядош гIодина меттигерчу полицно. Чохь хилла бакъоларъярхой-зударий ницкъхоша текхош, етташ бигина полицин декъе.

Хьалхо Тарамова Хьалимата видео яржийра ша лехамашка цаялар доьхуш. Ша шен лаамехь араяьлла цIера, шена еттарх, гIелоярх кIелхьарйолуш, бохура цо. Едда лелларг цакхаьчча юьйр ю, "доьзалан сийн дайъина" аьлла, орца доху бакъоларъярхочо, журналиста Анохина Светланас – Кавказерчу зударшна леринчу "Даптар" порталан коьртачу редактора.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублев о победе на "Мастерсе" в Мадриде: у меня нет слов






МИД Белоруссии: Минск и Москва обеспокоены враждебной риторикой Запада

Инаугурация Владимира Путина состоится в Кремле 7 мая

Покататься на самокате и сдать нормы ГТО можно будет на фестивале «Московская весна»

Актриса Татьяна Клюева отсудила загородный дом у сына в Севастополе