Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Ша кхиазхочух летта вац аьлла, дIахьедина Дижонехь нохчаша йиттинчо

0
Ша кхиазхочух летта вац аьлла, дIахьедина Дижонехь нохчаша йиттинчо

Нохчийчуьра схабевллачу бахархоша Дижонехь йиттинчу Магрибан пачхьалкхашкара схьаваьллачу мухIажаро ша бехке вацара аьлла, кхиазхочунна тIелатарна. Дижонехь къепедацарш хилла шо даьллачул тIаьхьа, стохка нохчийн кIантана тIелатар долийнарг ву аьлла, нохчаша бехкевинчу БрахIим цIе йолчу жимчу стага интервью елла францхойн Le Bien Public гIирсана. Цуьнан аз хийцина, юьхь хьулйина ю.

Билгалдоккху, стохка Товбеца-беттан 14-чохь суьйранна бархI сахьт долучу заманчохь Грезиль кварталерчу Анри-Кретьенан урамехь шина диаспоран векалшна юкъахь  хиллачу тасадаларшкахь цунна а йиттина хилар. БрахIима бахарехь, мостагIалла дац цуьнан шена вас йинчаьрца, ткъа кхиазхочунна тIелетар цо дина дац.

"Тхан къовсам бара. Къамел дерзийна а довлале, цхьа машен схьа хIоьттира, уьш суна тIебеттабелира. Цхьа цIеххьашха йина харцо яра иза. Маса стага йиттира суна? Билггал ала ца хаьа суна...Пхиъ, ялх, итт, пхийтта... Суна хуийла дац. Коьртах, букъах, белшех еттара суна. Мийрашца, буйнашца еттара. Сан са дукъон гIертара уьш", - дIахьедина цо шен къамелехь.

Муьлхачу тIегIанехь ю кхелан процесс аьлла, журналисто хаьттича, БрахIима аьлла, шен "хIинца а жоьпаш дац", амма, кхелан органаша оцу гIуллакхна тIехь болх дIахьош бу хIинца а аьлла.

"Шайн кIантана ницкъбинчул тIаьхьа цуьнан ден-ненан хиллачу лазамах а, балахьегарх а кхета со. Амма оцу тIехула цхьанна бекхам бан беза, низамашца доцу таIзар дан вахан веза? Шаьш динарг нийса дара, хIокху юкъараллехь проблемаш ишта ницкъаца ерзон еза цара аьлча, со гIеххьачул а дог даьлла ву", - аьлла цо.

Нохчашка вистхила шега журналиста аьлча, царна вон болх хила ца лаьа суна аьлла, жоп делла БрахIима.

ТIелатар динчу кхиазхочун дас Кавказ.Реалиига дийцарехь, стохка аьхка цуьнан кIант спортзалера цIа вогIучу заманчохь, цунна а, цуьнан доттагIашна а божарийн тоба дуьхьалъяьллера.

"Йиттина ца Iаш, шаьш дойур ду шу бохуш, кхерамаш а тийсина хиллера. Бага тапчанан мукъ а боьллина, сан кIант сийсазвина хиллера, ткъа цуьнан доттагIчунна-албанхочунна коьртах тапчанан бух тоьхнера", - аьлла, дIахьединера дас.

Дерриг а доладеллера 16 шо долчу нохчочунна йиттинчул тIаьхьа. ГIалахь наркотикаш юхкучу наха дина и зулам, аьлла, гIалин юккъехь лаьттачу кальян-баран дайх леттера нохчий. Цул тIаьхьа дIасабахнера. Амма эццахь гIалахула талораш дан буьйлабеллера нохчашна дуьхьаллаьттарш. 

Стохка аьхка Францерчу Дижон гIалахь масех дийнахь лаьттира Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачу наханна юкъахь девнаш. 

Ницца гIалин мэрана Эстрози Кристианна арз дира кхеле францхойн "Лига прав человека" органиацино, цо массарна а хезаш "динан къестамаш барца доцург кхолларна". И кхайкхам бина, байначу баттахь мэро Дижонехь хиллачунна тIехула Францехь беха нохчий наркобизнесца боьзна бу аларна, яздора France Info гIирсо.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
ATP

Российский теннисист поднялся на две позиции в топ-10 рейтинга ATP






Жителям Подмосковья напомнили о сроках оплаты коммунальных услуг

Полицейские в Подмосковье обнаружили 300кг наркотиков в грузовике

Пульмонолог МОНИКИ рассказала, как пережить весеннее обострение с астмой

Александр Лукашенко рассказал коллегам по ЕАЭС о неудачах и задачах Союза