Мы в Telegram
Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Грецехь тховкIело ехна Нохчийчуьра вахархо вайна даймахка цIа кхаьчча

0
Грецехь тховкIело ехна Нохчийчуьра вахархо вайна даймахка цIа кхаьчча

2017-чу шарахь дуьйна Желтойн-махкахь (Грецехь) тховкIело йоьхуш Iийна Нохчийчуьра 41 шо долу Мусаев ИбрехIим ГIалгIайчоьнан Магасерчу аэропорте кхаьчначул тIаьхьа зIенера вайна. Цуьнан гергарнаш тешна бу, иза полисхоша лаьцна бохучух.

"Карарчу беттан 25-чохь суьйранна 19 сахьт 40 минот яьлча Магасе а кхаьчна, цигара Серноводске дIавахна ИбрехIим", - аьлла "Кавказский узел" интернет-гIирсе дийцина Мусаевн гергарчу стага цIе ца яккхар а дехна.

Цо бахарехь, хьалхо цуьнан проблема лаьттинчу Серноводскан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъан белхахоша лаьцначух тера ду иза. Желтойн-махка иза дIавахале хьалха цхьана шарахь гергга латтийна хилла иза цигахь, стаг верна бехке ву аьлла шеконаш кхоллаелла. Оцу тIехула набахтехь даккха пхи шо хан тоьхнера цуьнан йишина. Ша Мусаев маьршаваькхира, цуьнан бехк хилар тIечIагIдан тоьшаллаш а ца тоьъна.

Оцу юкъанна, Серноводскан полицино цуьнан гергарчаьрга кху беттан 26-чохь жоп делла, шайгахь ИбрехIим вац аьлла. Кавказский узел гIирсана а тIечIагIдина полицин белхахочо, лаьцнарш тIеязбинчу тептарехь Мусаев ИбрехIим цахилар.

Кху шеран бIаьстенан муьрехь лаххара а 92 стаг лачкъийна Нохчийчохь, бохуш чIагIдо 1ADAT телеграм-канало.

 

Кест-кеста нисло, дуьйцуш бахьана а доцуш, Европерчу пачхьалкхаша депорт йина нохчий полисхоша къайлабохуш.

Масала, хаамашкахь яздора, Зазадокху-баттахь Францино Оьрсийчоьне дIавеллачу Садуев Илесна ницкъбарх.

Гуьмса-кIоштарчу полицин декъехь кIиранах хьевира 44 шо долу Арцуев Лези.

Германино депортаци йина Мамуев Нурмохьмад баттахь гергга сецийра Хьалха-Мартанан полисхойн декъехь.

Францино схьахьажийначу Гадаев Мохьмадна Мангал-баттахь цхьа шой ах шой хан туьйхира набахтехь даккха.

Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо тIе ца оьцу шена и статус – редакцин билгалдаккхар) хьехна дуьненаюкъара организацеш юкъаозор Нохчийчохь бовш лаьттачу нахана гIо дан. Бахьана хIоьттира, 2017-чу шарахь махкахь кхел йоцуш нах байъина аьлла, дийца даьккхича.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Соболенко уступила Свентек в финале турнира WTA-1000 в Мадриде






Начались переговоры Путина с Пашиняном

Грузовик насмерть сбил девочку на велосипеде в Подмосковье

Александр Лукашенко рассказал коллегам по ЕАЭС о неудачах и задачах Союза

Фашизм не пройдет!